Дуьненан чемпион ваьлла штангист Тахаев Руслан

Деношкахь Италерчу Туринехь спортан ветеранашна юкъахь йозалла айаран дуьненан чемпионатехь тоьлла мартанхо Тахаев Руслан. Цунах хазахетар нохчашна хилла ца Ιаш, хилла иза вехачу Австрин бахархошна. Ιедало совгΙат а дина, шен шина воьΙаца – иза шиъ а ву йозалла айечу спортехь билгалваьлла – Альпашка садаΙа вахийтина Руслан. Цигахь карийна Маршо Радиона дуьненан чемпион а, интернетехь тоьллачу хьесапехь массех сайт лелош а волу Тахаев. Иштта дара тхан къамел.