ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратах барт тIеэцна ТехIерано


ТехIерано зарратах болу барт тIеэцна, нагахь санна зарратан герз шайн долахь йолчу пачхьалкхийн ойланаш хийца цалахь, элира шоьтадийнахь Вене дийцарш дерзоче веъначу ГIажаройчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Зариф Мухьаммада. Кху беттан 30-чу дийнахь бертаца дерза деза къамел дан долийна Зарифа Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарца Керри Джонца. Зарратан да йолу 6 пачхьалхк а, ГIажарийчоь а дерзош ю ТехIерано зарратан герз кхолла гIертар а дуьтуш, пачхьалкхаша ТехIеранна шерашкахь тоьхна лаьтта экономикан эмбарго юха а йоккхуш долу дийцарш.

Дуьсург ду, ГIажарийчоьно тешнабехк бийр боцуш, тергоян некъ лахар. КIирандийнахь бертан дийцаршка йогIур ю Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн хьукматан куьйгалхо Могерини Фредерика а. Венерчу барамехь бу Британин, Оьрсийчоьнан, Францин, Китайн, Германин дипломатин лидерш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG