Геннарчу заманара схьадаьхкинчу ламастийн цхьа дакъа дисина нохчийн зудаялоран кепаца: йоI ехар, йига нах бахкар, некъ лацар, нускал хитIадаккхар, и. д. кх.. Аьрга-Хишкахь Маршо Радион фотокорреспондентна карийра и ламаст вайна гайта таро.
Керла доьзал бу кхоллалуш

1
Маре йоьдучу йоIана кечдина тIорказаш. ЙоI кхиа йолаелчхьана дуьйнна гулдан доладо уьш.

2
Кхузаманахь юкъаяьлла кеп ю арадаккха кечдинчу нускалан кара зезагийн курс юьллуш.

3
Нийсархойн маре йоьдучуьнца даьхна суьрташ дехар ду даима а.

4
Селфи йоцуш муха мегар дара кху дийнахь!