Нохчашлахь-м машен стаг оьшуче сиха дIакхачавен конка хилла а ца Iа. Ю цхьаболучарна дозаллин, кураллин хьоста а!
Ваша, аьчка дин муха бу хьан?!
Машен – заманан хазна. Бахамаллин битам. Хан хене мел йолу хийцало урамашкарчу машенийн тайпанаш, башхаллаш. Таро йолучо еза машен лелайо, йоцучо – таро ерриг!

1
Японхочо машен ша нохчочунна еш санна дика йина. Алссам ю махкахь Японехь йина машенаш.

2
Машен ца хилча ца магарна лелаен "Жигули".

3
"Мерседес" йоьдуш яйча цергех хи долу.

4
Бурко а новкъа яц.