Шира бера, апареш, кIа охьу тIулгаш лаьтта селхана хIиттийча санна. Амма тахана хьер йолчу кегийнах гулло, юьртарчу юкъарчу дитташтIера даьхна бIараш а дохош. Маршо Радион фотокорреспондент Елхоев Леча вахара хьеран суьрташ даха.
Шира хьер
...Билггал хууш дац хIара нохчаша туьйранашкахь дуккхазза а хьехош йолу, ца хилча ца йолуш хилла гIишло маца йиллина. Баккхийчара дийцарехь, иза латта а юьсуш, бигира депортаце Хаьмби-Ирзера бахархой.

1
Йоккха хан йолуш, шира юьрт ю Хаьмби-Ирзе.

2
КIа огу керла тIулг буьллуш, хьерачуьра арабаьккхина хилла боху шираниг.

3
Хаьмби-Ирзерчу хьеро дуккхаза а хийцина, баа а луш, дама доккху тIулгаш.

4
Юьртахь кегийрхоша, шайна самукъадала меттигаш кIезиг хиларе терра, ларъеш латтайо шира хьер.