"Шади" фирмехь хилира Маршо Радион фотокорреспондент. Вуно тамаше хIуманаш а дайра цунна цигахь.
ЧIеран цIокалахь а лелар ду адам...
11 шо ду Несарарчу Шадиев Ахьмада чIеран цIоканна дабагIдан долийна. Юьхьанца жимачу белхан чоьнашчохь бехара цо ша дагалаьцна технологи кхуллуш «дакъазабаьккхина» доьзал. ХIинца цуьнгара дуьненахь а гоьевллачу фирманаша оьцу чIеран кIадеш...

1
Ша 32 шарахь дабагIдинчу бежанан, кхечу дийнатийн могIара яьккхина Шадиев Ахьмада чIеран цIока а.

2
"Шади" фирмин чоьнашкахь.

3
Къоман сий до кхузахь, кхуллу гергарчу адамийн ламастех васташ.

4
ДабагIдечу декъехь.