Гайтаме яьхнера тIергIах, куьзганах, дечигах, туьтех, гипсах, кхийра йина тайп-тайпана хIуманаш. ХIораммо а карладоккхура ширачу заманчохь дайн-нанойн хилла Iер-дахар, церан бахам, хьелаш. Маршо Радион фотокорреспондент а вахара гайтаме.
Говзачу пхьераша - Нохчийн Меттан Денна
Соьлж-ГIалахь Охан-беттан 23-чу дийнахь Журналистийн майданахь хIоттийнера исбаьхьаллин говзанчийн гайтам.

1
Соьлж-ГIаларчу Журнаистийн майданахь хIоттийна куьйган говзаллин гайтам "Пхьеран суй".

2
Маьждиг.

3
ГIалин бахархой баьхкинера нохчийн васташкахь бинчу белхашка бIаьргтоха.

4
Тоххара, ярташка газ кхачаяле, хIораннан а хIусамехь хуьлура дечиг хадон хIара гIирс.