Маршо Радион фотокорреспондент Елхоев Леча а хилира Мовлидехь.
Цхьаьнатоьхначу тезетийн де
Стигалкъекъа беттан 10-чу дийне дIатеттина лаьттина нохчийн къам дохийна Чиллан-беттан 23-гIа де а, Кадыров Ахьмад вийна Стигалкъекъа-беттан 9-гIа де а билгалдаккха гулбеллера нах Соьлж-ГIаларчу коьртачу маьждигехь.

1
Дагалецамийн денна лерина банер.

2
Делкъан ламазна молла кхайкхаре хьоьжуш лаьтта Iеламнах.

3
Нохчийчоьнан массо а кIошташкара схьаоьхура нах.

4
Ламазна кхойкху молла.