Кхузахь токхамаша 35 цIа дохийна. Царлахь 22 цIа юха дан дезаш ду, 13 жимма куьйг Iоьттича, битаме догIур долчу хьолехь ду. Оцу йохийначу хIусамашкара цхьаболу бахархой цхьана ханна дIакхалхийна шайн гергарчу а, бевза-безачу а нахе а, бисинарш меттигерчу школехь дIатарбина. Маршо Радион фотокорреспондент хилира оцу юьртахь.
ЦIе-Веданахь токхамаш

1
Цхьабоса арабевлла юьртахой вовшана гIоьнна.

2
Юьрта юккъехула машенаш лелачу урамехь кхераме ду.

3
Дукха хан яра бахархошна Ахк иштта дистина ганза.

4
Нохчийчуьрчу Орцан министралло гIоьнан штаб йиллина юьртайистехь.