Нохчийчуьрчу Iаламан хазалло а, бахархойн хьешана тIера хиларо а инзарваьккхинчу фотографо масех де доккху вайн махкахь. Цуьнан гергарло тасало берашца а, баккхийчаьрца а. ЖаIуьнашца буьйсанаш йохуш, баккхийчеран дийцаршка ла а доьгIуш, уллера бевзина цунна нохчий, церан дахар.
Муха дара нохчийн бераш 40 шо хьалха

9
Нохчийн цхьа Iадат дара хIетахь: догIа ца догIуш, йокъа хIоьттича, бераш, шайх цхьанна тIе коьллаш а кхухкий, эвлаюккъехула лелара, вовшашна тIе хиш а детташ, "Къошкъари хIара ю, догIа лохьа, Дели" бохуш, маьхьарий а детташ. Кху суьрта тIехь гойту авторо и ламаст.

10
Аьхке. Говраш лийчош.

11
Куьпахь мел долу бер тIегулдина Бабас.

12
Ярташкахь берийн даима а хуьлура жIаьлешца гергарло
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832