ПIераскан дийнахь ши даздар дIадаьхьна Нохчийчохь - билгалдаьккхина Соьлж-ГIалин 200 шо дузар а, Кадыров Рамзанан 42 шо кхачар а. Журналисташ, шайн парггIат болх бойла дацара бохуш летккъахь а, хаза кечйина а, ондда ларъеш а яра шахьар.
Соьлж-ГIала - 200

1
Хелхаршца, эшаршца, деза къамелаш дарца дIадаьхьира дезде.

2
200 нускал кхаьчна 200 къонахчунна кху дийнахь. Харжаш шена тIеийцира Кадыровн фондо.

3
Кхиболу ницкъхой санна, полици а яра къепе латтош.

4
Даздаран барамехь бара дуккха а зударий, бераш.