Иттаннаш эзарнаш байинарш а, лазийнарш а, мухӀажирш а, Оьрсийчоьнах йозуш йоцу Нохчийн Республика Ичкери а – уьш ду 30 шо хьалха, 1994-чу шеран Дечкен-беттан 11-чу дийнахь, республикехь болабеллачу хьалхарчу тӀеман жамӀаш. Тхан редакцино гулйина оцу шерашкара суьртийн галерей.
Маьрша Ичкери а, хьалхара тIом а: суьртийн галерей

13
Соьлжа-ГIалара ОБСЕ-н миссин гIишлона хьалха протест йеш бу нохчийн зударий 1995-чу шеран стигалкъекъа-беттан 25-чохь. Нохчийчуьра тIом сацон дагахь долийначу маьрша дийцарийн хьалхара дакъа йукъахдаьккхира.

14
Оьрсийчоьнан делегацина а, Ичкерин векалшна а юкъахь 1995-чу шарахь товбеца-беттан 12-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь дийцарш дӀахьочу гӀишлонна арахь гулбеллачу нахана тӀехь терго латтош бу нохчийн а, оьрсийн а хадархой. ВорхӀ баттахь лаьттинчу конфликтах лаьцна дийцарш долийра дӀабаханчу баттахь, амма барт ца хилира - Нохчийчоьнан хинйолчу статусах лаьцна дуьйцуш

15
Ставрополерчу Буденновск гӀалахь ша дӀалаьцначу дарбан хӀусамера аравалале тӀаьххьарчу минотехь дийцарш дӀахьош ву нохчийн гӀаттамхойн буьйранча Басаев Шемал. Басаевс бӀеннаш закъалтхой маьрша бехира, амма шеца 100 сов стаг дIавигира, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан Ӏедалца барт а хилла, автобусаш тIехь дIабахара уьш Нохчийчу
1995-чу шеран мангал-баттахь Ставрополан мехкан Буденновск гӀалахь тӀемалоша закъалтна нах а лецна, Нохчийчохь тӀом сацор тӀедожийра. Иза Оьрсийчоьнан исторехь уггаре а йаккхийчех хилла теракт йу, амма цунах лаьцна
1995-чу шеран мангал-баттахь Ставрополан мехкан Буденновск гӀалахь тӀемалоша закъалтна нах а лецна, Нохчийчохь тӀом сацор тӀедожийра. Иза Оьрсийчоьнан исторехь уггаре а йаккхийчех хилла теракт йу, амма цунах лаьцна

16
Дагестанерчу Кизляр-гӀала чу бахначу нохчийн тӀемалойн тобанан хьалханча Радуев Салман 1996-чу шарахь дечкен-беттан 10-чу дийнахь Первомайское олучу юьртахь закъалтхой чохь болчу автобусна хьалха лаьтташ ву. 160 гергга закъалтхо вара гӀаттамхоша шайн карахь латтош, Нохчийчу