Шоьтадийнахь Соьлж-ГIалахь суьртийн гайтам дIабаьхьира "Сан гIала - сан дагалецамаш" аьлла, автороа цIе а тиллина. Маршо Радион корреспондент а хилира цигахь.
"Сан гIала - сан дагалецамаш"
Яхь йоцчу наха кхоамза охьаатале Соьлж-ГIала ишта яра сурташдахкархочун бIаьргашчухула. Авторо сирлачу басаршца гойту адамийн яххьаш, гIишлош, ша зама а хIетахьлера.

1
Соьлж-ГIалех суьртийн гайтамехь авторан Хасаев Чингисханан дагалецамаш

2
Соьлж хин тIехула тиллина тIай

3
Соьлж-ГIалара туннель йолу агIо

4
Сурташдахкархочун дас дуьххьара эцна Жигули машен. (авторан дагалецамашкара)