Хилларг, Iедалан хьостанаша гайтарехь, иштта ду. Сарахь ворхI даьлча, Соьлж-ГIалин денна лерина концерт хила езачу метте а кхаьчна, концертан зала чуваха воьлла 19 шо долу жимастаг. Цунах шек а бевлла, иза дегI толлучу аппаратах чекхваккха полисхой боьллачу муьрехь, цо эккхийтина шеца хилла бомба.
Эццахь велла 4 полисхо, тIаьхьа дIаваьлла пхоьалгIаниг. Гаьргех кеп-кепара чевнаш хилла 12 полисхочунна. Ша бохаман фабула иштта ю.
Полицин урхалло билгалдоккху, нагахь санна и жимастаг концерте а кхаьчна, нахана юкъа а тарвелла, иккхинехь, зе долучул а дуккхаза а сов хир дара бохуш.
Беллачийн цIерш а йовзийтина. Уьш бу полицин эпсарш а, цхьа сержант а – Мальсагов, Бицаев, Сатаев, Шатоев, Арзамиев.
Эккхар хиллера, нах байинера аьлла доцуш, тIебаьхкинчу а, бухарчу а артисташа хIоттийна, чекхъяккхина шайн концерт.
ТIахьо мехкан администратора, оцу дийнахь ша вина 38-гIа де даздеш волчу Кадыров Рамзана шен кепехь довзийтина концертан зала хьалха нисделларг. Цо дийцарехь, шеца тапча а йолуш, тIевеъна стаг ша полисхойх ву моттийта воьлла. Ткъа талламан детектора тIевигича, иккхина. «ШайтIанаш дезчу дийнахь ян гIоьртина теракт чекх ца яьлла, ерриг а гIала ю шен де даздеш ю», - дIакхайкхийра Кадыровс.
Иккхинарг хан ялале вевзина талламхошна. «Старопромыслан» олучу кIоштера Мударов Апти ву иза, цара дийцарехь.
Амма. Кху деххачу шерашкахь цкъа а ца динарг ду хIинца махкарчу Талламан Комитето деш. Эккхийтар бехктакхаман кодексан шина артиклехь зуьйш а, толлуш а ду: «низамлардархойн дахарна тIекховдар» а, «низамехь а доцуш герз лелор» а. Ткъа ша даьккхина къастош ду Комитето, дина зулам теракт ша ца лору аьлла.
Оьрсийчоьнан а, кхечу пачхьалкхийн а юридикан Iилмано теркактца гойту массо а билгало йолуш ю Соьлж-ГIалахь динчу зуламан. Цунах ца олийла а дац теракт, бохуш ду тергамцийн цецбовлар.
Талламчин а, прокуроран а зеделларг дуккха а шерашкахь гудина волчу юристе, Москох вехачу адвокате Хадисов Масага хаьттира Маршо Радионо, стенах ала догIу терроран акт. Цунна иштта го цуьнан башхаллаш.
Your browser doesn’t support HTML5
Хадисов Муса: Стенах олу теракт
Мел мухха а делахь а, эккхийтарх теракт ца ала ойла хилла Талламан комитетан. Ткъа дуьххьара цунах и ца эриг ша Кадыров Рамзан нисло. Цо шозза-кхузза хиллачу бохамах лаьцна даржийна, теракт дан араваьлла Маударов шен хенна сацийна, цуьнан аьтто ца баьлла иза ян, аьлла. Ткъа пхи полисхо вер а, 12 лазор а теракт олучу дезачу зуламан могIара ца доккху Iедало.
Стенна?
Оцу хаттарна жоп иштта го юристна, Москохарчу адвокатна Хадисов Мусана.
Your browser doesn’t support HTML5
Хадисов Муса: Эккхийтар мехалахь дайдан гIерта политикаш
Мударов Аптис дина эккхийтар (нагахь куьг бехкениг билггал иза велахь) теракте дIа ца кхаьчна зулам лара догIу Талламан комитетна а, администраторна Кадыров Рамзанна а гергахь.
Цхьа шатайпа хаттар хIоттало хIинца. Вайна лаахь а, ца лаахь а, къепедацарш, ерриг а Кавказехь а санна, лелаш ду Нохчийчохь а. Хьаннашкахь хуьлу, баккхий ца хилахь а, тIемаш. Болуш бу лаьмнашкахь тIелетарш дан а, иштта лелхийтарш дан а хьогам болу гIаттамхой. Цхьаммо а юха ца яьккхина йолучуьра Кавказан Имарат а.
Ткъа кхидIа хила тарлучу лелхийтарех ца ала яздеш дуй-те теракташ? Хийцалуш-м бац-те оцу зуламашка болу Кремлан хьажам? Цунна лиича, кхин цIе тилла а ма тарлой тахханалц тероран акт олуш хиллачу лелхийтарех, тIелетарех. Ткъа зуламан цIе хийцарх дайлой-те деш схьадогIу дараш?