ШолгIа кIира ду Европерчу нохчаша Машаран Марш йолийна. Церан машенийн ковра хилла иттех пачхьалкхехь, кхочур ю кхин а оццул махкашка. Цуьнан хIун лехамаш бу, карарчу ханна муьлхачу шахьаршкахь хилла, муьлхачу кепехь дIахьо акцеш, мел, хьанна хьашт ю Машаран марш? Хеттаршна жоьпаш делира маршан декъашхочо, йозаллаш айарехь дуьненан чемпион волчу Тахаев Руслана.
Машаран Марш кхаьч-кхаьчначу мехкашкахь дIахIутту церан парламенташна гергахь. Сахьтехь – шина сахьтехь бахлучу гуламашкахь дакъалоцу бухарчу депутаташа, нохчийн, кхечу къаьмнийн диаспораша.
Европа -- Нохчийн Машаран Марш Стокголмехь, 4ГIа2014
Балтин пачхьалкхашкахь нохчийн машархой тIеэцна парламентареша а, пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн минитраллашкахь а.
Изза хьошалла дина Машаран Маршна Финляндино а, Скандинаверчу мехкаша а, Германино а.
Европа -- Нохчийн Машаран Марш Ослохь, 5ГIа2014
Маршан некъах а, ша бинчу тидамех а лаьцна дуьйцу цуьнан декъашхочо Тахаев Руслана.
Your browser doesn’t support HTML5
Тахаев Руслан: Пхи къонах тоьлу бIе коьртал