Чекхъели аьхке, тIекхечи бос сирла гуьйре. Токхе еана кхушара гуьйре, шеца схьалуш аьхкено кхиийна беркат: стоьмаш, хастоьмаш, дерриге Iаламан рицкъа. Массо а адам ду Iаьнна кечамаш беш.
Нохчийчохь - токхе гуьйре
Иштта хуьлу къинхьегаме куьйгаш!
Дала тIаьхье беркате йойла шун, латталелорхой!
Дика еана гуьйре, буьзина никх санна ю!
Нохчийчуьра кхаш-аренаш дIацIанъеш ю.
Лаьттаца беркат ду олура дайша а...
Мацалла хир яц Нохчйичохь кхушара.
БIаьстенан мохе яккха нус елара шен, гуьйренан мохе яккха йоI елара
ГIелвелча са а доIуш...
Картолийн галех 650 бIе сом доьху Нохчийчохь.
Луьйш-олуш ка йолу балхаца...
Шорта рицкъа дохьуш еана хуьлила хьо, гуьйре!
Iаьнна яа помидораш берамала юхкийла ду кхушара!