23 сахьт долуш Соьлж-ГIалин шина меттехь герзаш дуьйлуш хезара бахархошна. Ватсапехула а, Фейсбукехула а тешаша даржийначу сурташа гойту герз диттина машен а, вийна массех жимастаг а.
Your browser doesn’t support HTML5
Ватсапера схьаэцна аз
Your browser doesn’t support HTML5
Полисхойн вовшашца къамел
Your browser doesn’t support HTML5
Полисхоша рацешкахула
Социалан машанашкахь яьржина видео
Your browser doesn’t support HTML5
Полици - герзахошна дуьхьал
Полицин белхахоша вовшашца къамелаш деш а, церан буьйранчаша герзахошна дуьхьалоян кечлуш, омранаш деш аьзнаш а ду даьржина.
Кадыров Рамзана шен инстаграмехула даржийна, кхийссаршкахь 4 зуламхо вийна, 2 лазийна, дарбан цIийне дIавигина, полисхой говза белхахой хиларна, маьршачу нахана зен ца хуьлуш хIаллакбина тIелеттарш, аьлла.
ГIалин бахархоша дийцарехь, массех стаг хилла полисхой цIа а оьхуш, кхерамаш а туьйсуш, цаьргара герзаш дIадохуш.