Шашаха тиллина цIе а яц Элзина тиллинарг, Жаннатин Элза ю иза, Ялсаманера Эльза – 13 шо хьалха оьрсийн полковника, танканийн декъан хьаькама Буданов Юрийс Таьнгичохь къиза йийначу Кунгаева Элзин хьомара дуьнентIехь яха еъна Ахьядова Элза.
Норвегехь тховкIело карийна бехачу Кунгаева Висига а, цуьнан цIийннене Розига а дIахаийта лаьа Маршо Радиона сийллаллехь юйла, юьззина оьзда нохчо а йисина, мостагIчунна къар цалуш, эхарта церан йоI ерзар къомо деза лоруш турпалалла дуйла.
Шайна иштта Кунгаева Эльза дагчу йоьжна хилар хоуьйтуш тиллина шаьш шайн берана Жаннати Элза цIе элира тхоьга йоьIан дас, Страсбургерчу нохчийн бакъоларъярхочо Ахьъядов Iийсас.
Your browser doesn’t support HTML5
Жаннати Эльзин да Ахьъядов Iиса
ТIемаша, кхечу баланаша алссам нохчийн дIахьочу кху заманахь доккха хIума ду къоман керла чкъор дузуш хилар. Кхин а деза, хаза ду нохчаша шайлара сийдолу мехкарий а, кIонахий а дагахь кхобуш. Декъала хуьлда жима Элза, дукха ехийла!