Зе-зулам хилларг а, и динарг а мила ву хьаьжжина толлу, я ца толлу, луьста, бехкаме дерзадо Оьрсийчохь стаго динарг, хилларг. Цунах олийла дац я нийсо я бакъян хьакъ долу система. Оцу хьокъехь къамелаш дира Маршо Радиоца адвокаташа Хадисов Мусас а, Мусаев Мурада а. Цара гойту мел харц система ю Оьрсийчохь чIагIъелла еха бехкталларан а, кхелъяаран а система.
«Маршонаш хилла а яц, хуьлийла а дац Ιалашъелла, нагахь санна хьакамаша дийриг адамех хьулдина делахь». Иштта аьлла Ιамеркан пачхьалкх кхоллачуш, 250 шо хьалха, адамийн бакъонаш къуьйсуш ваьхначу ХΙенри Патрика.
Таханлерчу Оьрсийчохь шина декъе декъна ду адамаш – хьакамашший, могΙара бахархоййий. Хьалхарчех, уьш лаккхачу тΙегΙанашка хевшина белахь, деккъа дΙа «губернатор», «президент» олий ца Ιаш, цхьа шатайпа лоллалла гойтуш цΙе ю наха йоккхуш.
Масала, нохчаша шайн мехкан шаьш хаьржина а воцчу администраторх хΙинца диллина олу «паччахь». Цуьнан шен гонехь-м иштта цунах олуш воцчунна кхераме а ду - «вайн паччахь Кадыров Рамзана аьлла», «вайн паччахьа Кадыровс дина», иштта до къамелаш муьлххачу а министро, могΙарчу хьаькамо.
Дац иза ларамза. «Президент» аьлча гатло воккхачу хьаькаман бакъонийн доза, «паччахь» бохучо хоуьйту, хΙуманна а гур тоьхна а боцуш, оцу куьйгалхочун карахь дуйла дерриг.
ХΙенри Патрика ма-аллара ю Оьрсийчохь хьаькаманний, могΙархочунний юкъаметтигаш. Хьаькам маьрша ву шена ма-луъу адамашца къинхетаме хила а, уьш къиза хьийзон а, декхаре вац ша дийриг нехан лаамашца дуста а, царна довзуьйтуш болх бан а.
Путин Владимира оьшург дерриг а дина, цуьнан дагахь болчу наха ма-аллара, и пайдабоцу либерализм Оьрсийчохь хΙаллакъеш. Дахар демократин буха тΙе даккха гΙерташ хьийзачу интеллигенцех -политикех, юристех, экономистех, бакъоларъярхойх «либерасташ» олу Путин а, мехкийн дай а паччахьаллехь чΙагΙлойла луучу бахархойн декъо.
Ткъа хΙун ю и либерализм-м ца хаьа иза аьшнаш ечу доккхачу декъанна. Дашца аьлча, паргΙато ю-кх. Стеган маршонашна, паргΙатонашна ецаш хила догΙу пачхьалкх бохург ду-кх. Халкъах, къомах хьакхалуш болу сацамаш хьакамаша оцу халкъан лаамца а дуьстина бен тΙеоьцийла дац бохург ду-кх.
Либералийн - я олийла царех «демократаш» - сатийсам хьошуш, Оьрсийчоьнан халкъера дΙаяьхна Путина а, цуьнан гоно а, пачхьалкхехь олалла леладечу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партино, Пачхьалкхан Думе депутат, муьлхачу а стагна кхел ечу системера нах, шашаха а бохуш харжаран, шайн мехкийн дай шаьш къасторан бакъонаш. Я Думин депутат а, я кхелера суьдхо а вац цундела бахархойн лаамах, ларамах возуш – Путинна товш хьо хилчхьана хуьлийла ду хьох пачхьалкхехь воккха хьакам – бен-башха а дац хьо и хила Ιаьмна вацар, нехан бΙаьргаш чохь хьо хΙумма а яцар.
Оьрсийчохь цкъачунна Iедалх бозуш боцчу статистийн хьукматаша бечу хаамашца, ах сов бахархошна лаьа харжамаш пачхьалкхехь маьрша хуьлийла, оццул бу суьдхой, Путина а ца хIиттош, хьалха санна, халкъе харжийта беза аьлла хетарш а. Амма иза хиндоцург дуйла гайтина халкъана оццу шен халкъан куьйгашца а, багошца. Къилбаседа Кавказан мехкашкахь, масала, чекхбевлла бахархой гуламаш оцу хьокъехь – массара а санна лаам къхадийна, ца оьшу тхуна тхаьш хаьржинарш, хΙиттабойла коьрта хьакамаш Кремло, аьлла. Официало бахарехь ду иза иштта.
Пачхьалкх либералан некъах хадаран стом бу тахана массо а нехан дийцаршкахь, лазамашкахь – кхелаш я харцонна тΙехь хилар я харц сацамаш беш схьайогΙуш хилар.
Шина тайпа нисло, зерашка даьккхича, Оьрсийчуьрчу Талламан комитето, полицино, кхелаша толлу, луьсту, дерзаде девнаш. Ιедало къобалвеш хилла политик я хьукматан векал вийча, сихха орца а даржадой, схьа а лоху, набахте а кхачаво зуламхо. Шегара юьйлу харцонаш Ιорайохуш хьийза стаг вийча, дукха хьолахь, ца караво Ιедална цΙий тΙехьарчинарг.
ЦΙерш яхаррий бен, и нах бовзийта ца оьшуш, бевзаш бу хΙорш, масала -политик Старовойтова Галина, журналисташ Холодов Дмитрий, Листьев Владислав, Политковская Анна, Щекочихин Юрий, Максимов Максим, бакъоларъярхой – Попков Виктор, Эстемирова Наташа. Мел бу кхин а иштанаш. Хууш дац хьан уьш байъина, амма дика хаьа массарна а стенна байъина – Ιедалера, баккхийчу хьаькамашкара юьйлу харцонаш Ιорайохура цара.
Цундела ю Оьрсийчоь кхушара а журналисташ, бакъоларъярхой алссам нехан карах лечу дуьнентΙерачу мехкийн могΙарахь уьссалгΙаниг, шел лакхахь Нигери, Сомали, кхийолу юьззина когаяханза юьсу пачхьалкхаш бен а йоцуш.
Дуккха а нехан, Оьрсийчохь а , арахьа а, тергонехь лаьттира Нохчийчохь тΙом, дегΙана синкъерам а латтош, бан марзбеллачу эпсарех волчу танканийн полкан хьаькама Буданов Юрийс Таьнгичуьра йоΙ хьийзор а, ер а, цул тΙаьхьа иза салташка лаьттах йоллийтар а.
Шеконехь цара и дов гΙаттадайтинчу адвокатан, хьумаршан, Хамзаев Ιабдуллин а, кхечу дуккхаъчу нехан а Будановс йоΙ хьийзийнийла а, деккъа дΙа оцу лаамца цо лаьцна иза шена тIеялаяйтинийла а ша куп тоьхначу метте. И ца хууш бисинарш прокурорашший, суьдхоййий бен а бацара, Кунгаева хьийзор къастон оьрсийн лоьрийн, медицинан экспертийн корматалла а, гΙирс а боцуш санна.Оьрсийчоь -- Мусаев Мурад,адвокат
Тоьхначу итт шарах дакъа бен набахтехь а ца доккхуш араваьлла Буданов Юрий вийна кхеташ доцчу бахьанашца. Иза верна бехке а вина, Будановс яькккхинчул шозза сов хан такха дΙахьажийна Устрада-Эвлара Темирханов Юсуп-Хьажа.
Цунна бехк тΙехьарчор а, набахте иза кхачор а йоккха харцо лору алссам адамо. Амма шек дΙа а бац шаьш динарг къиза а, харц а хилар далхадора аьлла, цунна таΙзар къастийна прокурораш, кхелкъасторхой, суьдхо. Иза харцо а лоруш, ша Темирханов Юсуп бехке вацар гайтуш вала а реза ву боху цуьнан адвоката Мусаев Мурада.
Your browser doesn’t support HTML5
Мусаев Мурад: Кхин кхелаш яц, цундела къийса догIу йолучуьнца
Оьрсийчоьнан пачхьалкхаллин башхаллаш, нийсо толаме яккха декхаре йолчу системийн, кхелийн анташ, Мусаев Мурада санна, далхадо кхечу Москохарчу адвоката «Хьайбах – талламаш берзанза бу» цΙе йолчу тептаран да а, цхьа хан хьалха диктаторна Сталинна шен къам махках даккхарна бакъйолу кхел йина а, цунна, и дийна волуш санна, догIу таΙзар кхайкхийна а волчу Хадисов Мусас а.
Оьрсийчоь -- Хадисов Муса, адвокат, яздархо
Доккхачу декъана Маршо Радиоца шен хиллачу къамелехь цо тергоне ийцира Оьрсийчоьнан нийсояран системехь лела ксенофоби, полици, прокурораш, суьдхой къаьмнашца гома хилар, къаьсттина нохчашца.Мусана хетарехь, могушалла меттайогΙур ю ала а доцуш, цомгуш ю Оьрсийчоь, амма иза теша и денъян молха карадойла ду бохучух. Ткъа шайна оцу нийсояран системерчу нахана ца го шайлахь лела харцонаш, аьлла, хетттича иштта дийцира адвоката Хадисов Мусас.
Your browser doesn’t support HTML5
Хадисов Муса: нохчийн цхьа а бокъонаш яц пачхьалкхехь