Маьрша Ичкери а, хьалхара тIом а: суьртийн галерей
Оьрсийчоьнах дIакъаьстина кхо шо кхачарна леринчу парадехь Нохчийн Ичкерия республикин президент Дудаев Джохар а, инарла Шахабов Висхан а салют луш ву, 1994-чу шеран гезгамашин-беттан 6-гIа
Нохчийн проблема йерзон хIун кепаш листира Кремлехь? "Хроника Кавказа" подкастан авторо Вачагаев Майрбека дийцаредира Оьрсийчоьнан хиллачу политикца Савостьянов Евгенийца
Соьлжа-ГIалара президентан шахьара чу воьддучохь берзаца суьрташ дохуш бу нохчийн гIаттамхой, 1994-чу шеран гIуран-беттан 18-гIа. Нохчийн къомана борз – маршонан а, суверенитетан а билгало йу
Оьрсийчоьнан танкийн а, бронетранспортерийн а ковра йу Нохчийчуьра Девкар-Эвлана 40 чакхарма дехьа лаьтташ, 1994-чу шеран гIуран-беттан 11-гIа
Нохчийн лаамхой гулбелла Соьлжа-ГӀалин коьртачу майданахь 1994-чу шеран гIуран-беттан 17-чу дийнахь. Оьрсийчоьнан эскарш тӀегӀерташ хиларна республикан коьрта шахьар ларъйан кечам беш бу уьш. Цул тӀаьхьа цхьа-ши кӀира даьлча федералаша Соьлжа-ГӀалана штурм йолийра. Иза уггаре а кхетам боцу хилам хилла дӀахӀоьттира, дукха эшамаш хиларе хьаьжча.
Соьлжа-ГӀала йерриг аьлча санна хӀаллакйира йеттачу ракеташца а, бомбанашца а. Пхеа кӀиранах хиллачу тӀемашкахь, кеп-кепарчу зерашца, вийна 27 эзар гергга маьрша вахархо. Тхан редакцино
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан эскархой бу позицеш дӀалоьцуш Нохчийчуьрчу Ищерская юьртана гергахь йолчу блок-постехь, 1994-чу шеран гIуран-беттан 29-гӀа де
ТIеман постехь латийначу цIергахь бохбала хьийза Оьрсийчоьнан салтий, 1995-чу шеран дечкен-беттан 8-гIа
Нохчийчохь бечу тIемашна дуьхьало йеш арабевлла нах 1995-чу шеран дечкен-беттан 10-чу дийнахь Москвахь лозунгаш кхайкхош бу плакаташ карахь. Дуьхьалонан акци вовшахтоьхнарг яра "Оьрсийчоьнан харжам" цӀе йолу демократин парти.
Чевнаш хилла нохчийн бераш ду орца доьхуш, маьхьарий детташ. 1995-чу шарахь дечкен-беттан 10-чу дийнахь Соьлжа-ГӀаларчу президентан цӀийнан 500 метр къилбехьа йолчу гӀишлонна тӀе танкан хIоъ-молха доьжча, мел лахара 6 стаг вийра, берашна чевнаш йинера.
Соьлжа-ГIалина гена йоццучу Черноречье олучу меттигехь артиллерин тохар дича ши ког баьккхинчу кIентан нана йу Хьалха-Мартанарчу дарбан цIийнехь цуьнан маьнги йистехь хиъна Iаш, 1995-чу шеран дечкен-беттан 28-гIа
СемаьIашкана гена доццучохь йаьгначу танка гонах ловзуш ду нохчийн бераш, 1995-чу шеран дечкен-беттан 31-ра де. Эвла йохийра тIемаш бечу хенахь 1995-чу шеран дечкен-беттан 30-чохь
Соьлжа-ГIалахь шен дохийначу, масийтта петарх лаьттачу цIенна хьалха садоIаш йу нохчийн зуда-мухIажар, 1995-чу шеран чиллан-беттан 17-гIа
Соьлжа-ГIалахь байъинчу нехан декъешлахь шен гергара стаг лоьхуш йу нохчийн зуда, 1995-чу шеран охан-беттан 3-гIа
Соьлжа-ГIалара ОБСЕ-н миссин гIишлона хьалха протест йеш бу нохчийн зударий 1995-чу шеран стигалкъекъа-беттан 25-чохь. Нохчийчуьра тIом сацон дагахь долийначу маьрша дийцарийн хьалхара дакъа йукъахдаьккхира.
Оьрсийчоьнан делегацина а, Ичкерин векалшна а юкъахь 1995-чу шарахь товбеца-беттан 12-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь дийцарш дӀахьочу гӀишлонна арахь гулбеллачу нахана тӀехь терго латтош бу нохчийн а, оьрсийн а хадархой. ВорхӀ баттахь лаьттинчу конфликтах лаьцна дийцарш долийра дӀабаханчу баттахь, амма барт ца хилира - Нохчийчоьнан хинйолчу статусах лаьцна дуьйцуш
Ставрополерчу Буденновск гӀалахь ша дӀалаьцначу дарбан хӀусамера аравалале тӀаьххьарчу минотехь дийцарш дӀахьош ву нохчийн гӀаттамхойн буьйранча Басаев Шемал. Басаевс бӀеннаш закъалтхой маьрша бехира, амма шеца 100 сов стаг дIавигира, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан Ӏедалца барт а хилла, автобусаш тIехь дIабахара уьш Нохчийчу Дагестанерчу Кизляр-гӀала чу бахначу нохчийн тӀемалойн тобанан хьалханча Радуев Салман 1996-чу шарахь дечкен-беттан 10-чу дийнахь Первомайское олучу юьртахь закъалтхой чохь болчу автобусна хьалха лаьтташ ву. 160 гергга закъалтхо вара гӀаттамхоша шайн карахь латтош, Нохчийчу Нохчийн Ичкерия республикин президентан декхарш кхочушдечу Яндарбиев Зеламхе ладоьгIуш ву Оьрсийчоьнан президент Ельцин Борис Кремлехь 1996 шеран стигалкъекъа-беттан 27-чохь Кремлехь шайн хиллачу дийцаршкахь. И бахьана долуш герзаш деттар сацош барт бира, амма шина а агӀоно ларбеш бацара и ГIалин бахархой бу президентан цIенна уллохула тIехбуьйлуш Соьлжа-ГIалахь, 1996-чу шеран чиллан-беттан 13-гIа Оьрсийчоьнан буьйранча Пуликовский Константин Ичкерин коьртачу штабан куьйгалхочуьнца Масхадов Асланца Жимчу АтагIахь къамел деш ву 1996-чу шеран марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь. Нохчийн тIемалоша дола деш дара Соьлжа-ГIалин доккхаха долчу декъан марсхьокху-беттан 6-чохь дийнера дуьйна, цара гIали чу а баьхкина, схьайаьхнера коьрта гIишлош. Оьрсийчоьнан Федерацин агIор инарла Лебедь Александр а, Ичкерин агIор Масхадов Аслан а ву вошашка куьйгаш луш 1996-чу шеран марсхьокху-беттан 31-чохь. 20 баттахь лаьттина тӀеман конфликт дӀайирзи аьлла, дIакхайкхийра Лебедь Александра. Республикехь машар дӀахӀоттош хьалхара гӀулчаш йаьхначул тӀаьхьа – царех олу "Хасавюьртан бартан дийцарш". Йезачу гIагI диллинчу техники тIехь Оьрсийчоьнан армин салтий бу Нохчийчуьра дIабоьлхуш, 1996-чу шеран лахьан-беттан 30-гIа. Жимма хьалхо Ельцин Бориса омра динера дисина Оьрсийчоьнан эскарш арадаха аьлла, Соьлжа-ГIалара а, Кремлера а урхаллина йукъахь барт бан некъаш достуш.
1995-чу шеран мангал-баттахь Ставрополан мехкан Буденновск гӀалахь тӀемалоша закъалтна нах а лецна, Нохчийчохь тӀом сацор тӀедожийра. Иза Оьрсийчоьнан исторехь уггаре а йаккхийчех хилла теракт йу, амма цунах лаьцна
Тхан редакцино дийцира, муха йаздира куьйгаш, цул тIаьхьа къобалйазчу республикин исторехь хилла коьрта барт муха бохийра а, цу хенахь нохчийн делегацин декъашхой хиллачарна и муха хета а – Украинехь тIом боьдучу йукъанна.
Мехкадаьтта дарий-те Нохчийчохь тӀом боларан бахьана, муха сацам тIеэцнера Кремло иза боло дагахь, хIунда ца тара Оьрсийчоьнан Ӏедална республикин куьйгаллехь Дудаев Джохар. Уьш а, кхидолу а хеттарш а дийцаредира<