Your browser doesn’t support HTML5
Видеоловзаршна тIехь 15 000 000 доллар даьккхина Швецера вахархочо
Шен PewDiePie цIе йолчу YouTube-рчу каналах пайда а эцна, цо даьккхина 15 миллион доллар. Иза гойтуш ю Forbes журнало хIоттийна рейтинг.
Стохка видеолавзарех чекхвалар гойтуш яьхначу видеоша пайда беара Шелбергана 12 миллион доллар.
И бахьана долуш цо хьалхара меттиг дIалецира уггаре а хьал долчу YouTube-ра блогершна юкъахь.
Шелберган PewDiePie канале язвелла ву 50 миллион стаг. Цо даьккхинчу ахчанан барам алсамбалар дузу Forbes-со геймеро видеоловзарех лаьцна книга язйина хиларца. Иза эцна 100 000 стага.
Forbes-ан рейтингехь 12 видеоблогер ву. Цара массара даьккхина ахча вовшахтоьхча хуьлу 70 миллион долллар. Иза 20 процент алсам ду стохка хиллачуьнца дуьстича.