Иттаннаш эзарнаш байинарш а, лазийнарш а, мухӀажирш а, Оьрсийчоьнах йозуш йоцу Нохчийн Республика Ичкери а – уьш ду 30 шо хьалха, 1994-чу шеран Дечкен-беттан 11-чу дийнахь, республикехь болабеллачу хьалхарчу тӀеман жамӀаш. Тхан редакцино гулйина оцу шерашкара суьртийн галерей.
Маьрша Ичкери а, хьалхара тIом а: суьртийн галерей

9
Соьлжа-ГIалина гена йоццучу Черноречье олучу меттигехь артиллерин тохар дича ши ког баьккхинчу кIентан нана йу Хьалха-Мартанарчу дарбан цIийнехь цуьнан маьнги йистехь хиъна Iаш, 1995-чу шеран дечкен-беттан 28-гIа

10
СемаьIашкана гена доццучохь йаьгначу танка гонах ловзуш ду нохчийн бераш, 1995-чу шеран дечкен-беттан 31-ра де. Эвла йохийра тIемаш бечу хенахь 1995-чу шеран дечкен-беттан 30-чохь

11
Соьлжа-ГIалахь шен дохийначу, масийтта петарх лаьттачу цIенна хьалха садоIаш йу нохчийн зуда-мухIажар, 1995-чу шеран чиллан-беттан 17-гIа
12
Соьлжа-ГIалахь байъинчу нехан декъешлахь шен гергара стаг лоьхуш йу нохчийн зуда, 1995-чу шеран охан-беттан 3-гIа
This image contains sensitive content which some people may find offensive or disturbing - Click to reveal